Хаарийн б1ов ц1е йолу къовсам.

06.04.2023

2023 шо Нохчийн меттан шо кхайкхийна хиларна т1едоьг1на, школехь д1ахьош долчу Нохчийн меттан к1иранна лерина дешархойн нохчийн меттан хаарш зиер, ца хуучунна уьш т1екхиор 1алашонца, оханан беттан доьалг1ачу дийна 10-чу классан дешархошца Хаарийн б1ов ц1е йолу къовсам д1абаьхира. Къовсамехь дакъа лоцуш ши тоба йара: Къинхьегаман байракх, Ламанан аз. Къинхьегаман байракх ц1е йолчу тобано толам баьккхира.